Чеченский язык 6 класс сочинение ларде вай 1алам

Варианты сочинений огэ чеченский языкабдурзаков ш. шен дешнашкахь гойту нохчийн мотт хьалдолуш хилар.иза иштта хилар шеко йоцуш ду,х1унда аьлча нохчийн

Варианты сочинений ОГЭ чеченский язык

Абдурзаков Ш. шен дешнашкахь гойту нохчийн мотт хьалдолуш хилар.Иза иштта хилар шеко йоцуш ду,х1унда аьлча нохчийн маттахь дуккха а бу пайдаэца йиш йолуш суртх1отторан г1ирсаш.Оцу г1ирсашца муьлхха а ойла йийца йиш йолуш, хазна ю вайн мотт.Х1ара тезис т1еч1аг1ъеш, хьовсур вай Гайсултанов 1.тексте.

Суртх1отторан г1ирсех шуьйра пайдаэцна яздархочо. Масала 15 предложенехь «йиш йоьхна» боху фразеологизм ялайо автора. Оцу меттан г1ирсо вайна хоуьйту, Вадуд цхьана х1уманна сагатдеш хилар.

36 предложенехь ялийначу «дог-ойла юьйхира» фразеологизмаца говза гойту Гайсултановс мел халонга даьлла к1антана ша кехат аннаш юккъехула чудожадар.

Цу тайпа текстера масалшка хьаьжча, вайн т1еч1аг1дан йиш ю нохчийн мотт «башхачу жовх1арех юьзна йоккха хазна» хилар.

П.К. Услара шен дешнашкахь боху: «Нохчийн мотт къен хетар даржош берш цунах цхьана а кепара кхеташ боцу нах бу. Мелхо а, и мотт, шен г1оьнца адаман ойланан уггаре к1орггера аг1онаш а йийцалур йолуш, ч1ог1а хьалдолуш бу». Цуьнан дешнашца реза ца хила хала ду. Муьлхха ойла, синхаам, хьайна хетарг нийса а,говза а гайта йиш ю вайн маттахь тайп-тайпанчу г1ирсех пайда а оьцуш: метафорех, эпитетех, дустарех и д1.кх. а.

Оцу г1ирсех шуьйра пайдаэцна Ахмадов Мусас шен текстехь.Масала 26 предложенехь ялийна «т1ера б1аьрг д1а ца боккхуш» фразеологизм. Цуьнца автаро исбаьхьчу кепехь гойту вайна текстан турпалхо леррина шена гучу суьрте хьоьжуш хилар.

Текстан 27 предложени ешча кхин цхьа суртх1отторан г1ирс карабо вайна « кхохкийна юьхь» боху эпитет. Оцу эпитетах пайдаэцарца гойту вайна яздархочо Леча шена гучух ч1ог1а цатам хилла, реза воцуш хилар.Цул совнаха кхузахь хаало вайна иза нахах дог лозуш, къинхетаме стаг хилар.

Вайна ма-гарра Ахмадов Мусас шен текстаца тоьшалла до нохчийн мотт хаьлдолуш а, хаза а хиларан.

Къинхетам – иза адаман синхаамех коьртачарехь цхьаъ бу.Кхечу адамна, гонахарчу 1аламна хуьлуш йолу г1ело бен ца хеташ, дог лазар ду аьлла, хета суна иза.

Масала Абубакарова П. текстехь го вайна лазийначу кхокханна орцахъялла жима йо1. Хеда къинхетаме хилар ду иза. Яздархочо вайна иза гойту 9 предложенехь.

Дахарера масал далош, лакхахь ялийна ойла т1еч1аг1ъеш, ала лаьа вайн паччахьах дош. Цомгушчарна, мискачарна г1о деш, царех дог лозуш, царна г1о-накъосталла деш схьавог1уш ву Рамзан Ахматович.

Цу т1ера схьа жам1 дан йиш ю вайн къинхетам адаман амалехь сийлахьчарехь цхьаъ хилар.

Источник

Методические разработки уроков развития речи на чеченском языке

Выбранный для просмотра документ Сочинени аьхка бешахь.doc

Урокан ц1е: «Аьхка бешахь».

Кхочушдан лерина жам1аш:

1.Предметни: берашна 1емар ду шайна суьрта т1ехь гуш долчух барта жима дийцар х1отто, и д1аяздан.

Регулятивни : берашна 1емар ду шайн белхан план х1отто, оцу планан рог1аллица дийцар яздар.

Коммуникативни: берашна хуур ду шайна хетарг д1аала. Хьехархочо деллаачу хаттаршна дуьззина жоьпаш дала, уьш д1аяздан.

Познавательни: берашна 1емар ду оьшу г1ирс книги т1ехь ган, интернет чохь каро.

3. Личностни : берашна хуур ду дахарехь шайн могашаллина пайде дерг каро, цунах пайдаэца. Кегий болуш дуьйна кхуьур ду дика г1иллакх ойланца.

2. 1алашо йовзийтар.

-Д1аелла книгин 25 –га1 аг1о. Х1ун ю иза? (Сурт ду).

-Х1ун дийр дув ай оцу суьртаца? (Дийцар х1оттор ду).

-Х1ун кхиамаш бохур бу аша?

-Бераш, вай тахана язйийр ю суьртах лаьцна сочинени : «Аьхка бешахь».

-Хьовса оцу суьрте? Х1ун ду цу т1ехь коьртаниг? (Бешахь беш болу болх).

-Х1ун эр дара аша бешахь бечу балхах лаьцна?

-Сочинени язъяр стера т1ера д1адолор ду вай? Бечу балха т1ера йолор ю я оцу бешах лаьцна эр ду вай жимма? (Бешах лаьцна эр ду).

— Дийца бешах лаьцна. Х1ун кхуьу цигахь? Уьш масса хуьлу? Чуерзо масса йоло мега?

-Шозлаг1а х1ун эр ду вай? (Бешахь бечу балхах эр ду).

-Хьаьнгахь ду ведар? Цо х1ун до?

-Х1ун яздийр ду вай коьртачу декъана т1аьхьа? (Оцу стоьмаша беш болу пайданах лаьцна).

-Стенна оьшу стоьмаш? Царех х1ун йо? Муха ду могушаллинна стоьмаш баар? Цаьрца х1ун ю? (Витаминаш).

-Х1ун яздийр ду аша доьалг1ачу декъехь? (Болх бечу берех лаьцна).

-Муха бераш ду и болх беш дерш? Х1унда ду уьш дика бераш? Аша дой иштта г1уллакхаш).

-Бераш масса дакъа нисделира вайн дийцаран? (Диъ).

-Стенах лаьцна дара хьалхара дакъа? (Бешахь долчу беркатах лаьцна. Уьртахь беш хиларх лаьцна).

-Х1ун ц1е туьллур яра оцу декъана? (Бешахь долу беркат).

-Стенах лаьцна дара шолг1а дакъа? (Бераша бечу балхах лаьцна).

-Х1ун ц1е туьллур яра вай цунна? (Дешархоша чуберзабо стоьмаш).

-Стенах лаьцна дара кхоалг1а дакъа? (Стоьмаша бохьучу пайданах лаьцна).

-Х1ун ц1е туьллур яра вай цунна? (Стоьмаша могашалла тойо).

-Стенах лаьцна дара доьалг1а дакъа? (Дешархойх).

-Х1ун ц1е туьллур яра вай цунна? (Дешархоша г1о до баккхийчарна).

Уьн т1е д1аязйо план.

1. Бешахь долу беркат.

2. Дешархоша чуберзабо стоьмаш.

3. Стоьмаша могашалла тойо.

Сочиненин х1оттам билгалбаккхар.

-Маса дакъа хир ду вайн сочиненин? (Кхоъ).

-Муха яздийр ду х1ора дакъа? (Ц1ечу моганчуьра).

Сочинени язъян кечам бар

-Д1адеша планан хьалхара дакъа. Х1ун ю шу юьртахь? (Юьртахь ю йоккха стоьмийн беш).

-Муьлха стоьмаш кхуьу цигахь? (Бешахь кхуьу тайп-тайпана мтоьмаш: хьечаш, 1ежаш, кхораш, шапталш).

-Муха хила уьш кхушарахь? (Кхушарахь уьш хилира хьийкъина).

-Д1адеша шолг1а дакъа. Муьлш баьхкина стоьмийн беша? (Дешархой баьхкина стоьмийн беша).

-Цаьргахь х1ун ю? (Цаьргахь ду ламиш, ведарш, тускарш).

-Х1ун до Бакъис? (Бакъис стоьмаш схьабоху).

-Х1ун до Эсилас? (Эсилас уьш тускарш чу д1анисбо).

-Х1ун до Яхас? (Яхас к1елла 1енна стоьмаш схьагулбо).

-Х1ун до Вахас? (Вахас стоьмаш юьстахбоху).

-Муха къахьоьгу бераша? (Бераша бертахь къахьогу).

-Д1адеша кхоалг1а дакъа. Оьшуш буй вайна стоьмаш? (Стоьмаш ч1ог1а оьшуш бу).

-Х1ун йо царех? (Царех йо компоташ, варетеш).

-Муха ду стоьмаш баар могашаллина? (Стоьмаш баар могашаллина ч1ог1а пайде ду)

-Х1ун ю цаьрца? (Цаьрца ду вайна дег1ана оьшуш долу витаминаш).

-Х1ун дан ницкъ кхечи шун?

7. Ц1ахь бан болх балар

Шардар № 43, аг1о 26.

Выбранный для просмотра документ сочинени 1а т1едеана.doc

Урокан ц1е: «1а т1едеана».

Кхочушдан лерина жам1аш:

3. Личностни : берийн алсамдер ду пайдениг дан лаар, 1аламан хийцамех дерг ган, цуьнан пайдаэца.

2. 1алашо йовзийтар.

-Д1аелла учебникан 79-г1а аг1о. Караде шардар № 158ю

-Х1ун т1едуьллу цо вайна? (Дийцар яздан).

-Х1ун дийр ду вай тахана? Х1ун кхиамаш бохур бу вай?

-Вай тахана язйийр ю сочинении : «1а т1едеана».

3. Суьртах лаьцна къамел дар.

-Шеран муьлха зама ю т1ееанарг? (Т1едеана шийла 1а).

-Х1ун оьг1у стиглара охьа? (Стиглара охьаоьгу лайн чимаш).

-Стено хьулдина латта, ц1ийнойн тхевнаш? (Лайно хьулдина латта ц1ийнан тхевнаш).

-Х1ун хилла хишна? (Хишна шаш бина).

-Муха ду х1аваъ? (Х1аваъ шелделла).

-Муха ду дийнош, буьйсанаш? (Денош дацделла, буьйсанаш язъелла).

-Бераш кхоьрий шелонах? (Амма бераш ца кхоьру шелонах).

-Цара х1ун до? (Уьш 1арахь ловзу).

-Шуна х1ун аьлла хета: арахь ловзар пайде ду я зуламе ду? (1ай арахь ловзар ч1ог1а пайде ду. Ц1еначу х1авао могашалла тойо. Шелоне дег1 доьлча цамгарш лехьор яц. )

-Муха хетта шуна 1а? (Суна хазахета 1ай).

-Стенан тидам боа ша? (аса тидамбо охьаоьгучу лайн чимийн, хийцалучу стиглан).

План х1оттор. Х1ора декъан чулацам бовзар.

-Х1ун дара коьрта? (1аламехь 1аьно бо хийцамаш)

-Х1ун ц1е хир ю оцу декъан? (1аламан башхаллаш).

-Х1ун дара шолг1а тидам бинарг? (Берийн ловзарш).

-Х1ун элира могушаллех лаьцна? (1аьно ловзаро могашалла тойо).

-Х1ун хетта шуна 1аьнах лаьцна? Стенан тидам бо аша? (Суна хазахета 1а)

Уьн т1е план д1аязйо.

1аьнан 1аламан башхаллаш

Берийн самукъадолу 1ай.

Сочиненин х1оттам билгалбар, х1ора декъан чулацам таллар

-Маса дакъа хир ду вайн сочиненин? (Диъ).

-Муха билгалдоккхур ду х1ора дакъа? (Ц1ечу мог1анчуьра яздийр ду).

-Х1ун яздийр ду аша 1аьнан 1аламах лаьцна?

-Х1ун яздийр ду аша берийн ловзарех лаьцна?

-Х1ун яздийр ду аша берийн ловзарша бечу пайданах лаьцна?

-Х1ун эр ду аша шайна хетачух?

-Х1ун дара халаниг? Х1ун дика нисдели шун?

Шардар № 157, аг1о 79.

Выбранный для просмотра документ сочинени б1аьсте.doc

Урокан ц1е: «Б1аьсте».

1алашо: суьрта т1ехь гучух, шайна зеделлачух лаьцна барта дийцар х1оттор. И дийцар 1аламан хиламехь хуьлучу хийцамийн рог1алла агойтуш д1аяздан 1амор.

Кхочушдан лерина жам1аш:

1.Предметни: берашна хуур ду гуьйренах лаьцна жима дийцар х1отто. Цуьнан чулаца ца талхош иза д1аяздан хуур ду. 1емар ду нийса предложенеш х1итто, оьшуш долу дешнаш каро.

Регулятивни : берашна хуур ду шаьш бийр болчу белхан план х1отто, оцу планан рог1аллица болх бан.

Познавательни: берашна хуур ду суьрта т1ехь х1ора декъах дог1уш дерг каро. Цунна оьшу г1ирс лаха.

3. Личностни : берашна 1емар ду 1аламан тидам бан. 1аламах, Даймахках ваккхийвер долуш корматталла йолуш дешархой хир бу.

2. 1алашо йовзийтар.

«Б1аьстенан мог1анаш»байт ешар.

Самаевли хьан серлонца.

-Стенах лаьцна ю байт? (Б1аьстенах).

-Д1аелла учебникан 143-г1а аг1о. Караде шардар № 287. Х1ун боху вайга т1едилларо? (Б1аьстенах лаьцна дийцар язде боху).

-Х1ун кхиамаш бохур бу аша?

-Тахана вай язйийр ю б1аьстенах лаьцна сочинени.

3. Суьртах лаьцна къамел дар.

-Шеран муьлха зама ю т1ееанарг? (Б1аьсте ю).

-Муха эр ду цунах лаьцна? (Т1ееана хаза б1аьсте)

-Х1ун хийцамаш хуьлу б1аьста? Муха кхета вайна х1инца малх? (Стиглахь лепа дашо малх).

-Х1ун хийцамаш бина малхо х1оттийначу йовхоно? (Малхо х1аваъ дохдина. Л оду массо меттехь дешаш. Хишна бина шаш бу бешаш).

-Кхин х1ун ю суьрта т1ехь стиглахь гуш? (Олхазарш).

-Х1ун яздийр ду вай олхазарех лаьцна? (Олхазарш ду бовхачу махкашкара ц1а уьдуш. Цара тобо шайн шира баннаш).

-Х1ун хийцамаш бу адамийн дахарехь? (Кхаш т1ехь кхехкаш бу болх.Адамаша д1адуьй ялташ: хьаьжк1аш, к1а,хохаш).

-Муха г1уллакх деш ду бераш? (Бераш а дац мокъа 1аш. Цара олхазаршна баннаш до, царна яах1ума таса меттигаш йо. Бераша баккхийчарна г1о до).

(Ц1ераш тахка берашна)

-Муха хетта шуна б1аьста? (Хаза ду б1аьста).

4. Сочинении язъян кечам бар.

-Вай къамелехь масийтта тема йолийра: б1аьсте ялар, 1аламан хийцамаш, олхазарш, сагалматаш, адамийн дахар, берийн ловзар.

-Муха йолор ю вай сочинени? (Б1аьсте яларх лаьцна яздийр ду).

-Х1ун ц1е туьллур ю аша цу декъана? (Т1ееана хаза б1аьсте).

-Шолг1а декъана х1ун ц1е туьллур ю? (1алам самадолу).

-Хьанах лаьцна хир ду цул т1аьхьа долу дакъа? (Адамийн дахарх).

-Х1ун ц1е туьллур ю цунна? (Адамаша го кхаш т1ехь).

-Хьанах лаьцна хир ду цул т1аьхьа долу дакъа? (Берийн дахарх).

-Х1ун ц1е туьллур ю вай цунна? (Берийн самукъадолу б1аьста).

Уьн т1е д1аязйо план.

Т1ееана хаза б1аьсте.

Адамаша го кхаш т1ехь.

Берийн самукъадолу б1аьста

-Маса дакъа хир ду сочиненин? Муха билгалдоккху х1ора дакъа?

-Д1аеша план. Х1ун яздийр ду аша б1аьсте т1еярах лаьцна?

-Х1ун яздийр ду аша 1алам самадаларх лаьцна?

-Х1ун яздийр ду аша кхаш т1ехь болчу нахах лаьцна?

-Х1ун яздир ду аша берийн дахарх лаьцна?

Г1оьнна дешнаш довзийтар.

Источник

Конспект урока на тему «Синтарш дег1ар (сочинени)»

Тема : Сочинени «Синтарш дег1ар».

1алашо: суьрта т1ехь гуш долчуш, шайна зеделлачух пайда а оьцуш,хаттарийн г1оьнца дийцар х1отто 1амор, текстан бакъонаш ларъеш, и д1аяздан 1амор.

Юкъара дешаран ардам (УУД):

Предметни: 1емар ду хаттарийн г1оьнца жима дийцар х1отто, текстан бакъонаш ларъеш и д1аяздан.

Регулятивни: хьехархочун г1оьнца урокан коьрта 1алашо билгалъяккха хуур ду; шайн белхан мах хадо хуур ду.

Коммуникативни: 1емар ду хьехархочун хаттаршна дуьззина жоьпаш дала; хуур ду 1аламах, дикачу г1уллакхах лаьцна ала дика дешнаш къасто.

Х1ума довзаран: х1ума довзар, ойлаяр алсамдер ду.

Личностни: 1алам дукха дезар, пайдениг дан лаам кхуьур бу дешархойн.

II . Дешархойн хьалхалера хаарш жигарадахар.

1.Ц1ера болх таллар.

Упражнени № 386, аг1о 187-188.

III . Хетачу аг1ор 1алашонаш х1иттор.Уьш кхочушъян некъаш билгалдахар.

1. Упражнени № 384, аг1о 187.

-Д1аелла учебникан 187-г1а аг1о.

-Д1адеша т1едиллар. Муха кхочушъян еза упражнени? (Дийцар х1отто деза).

-Вай тахана жима сочинении язйийр ю суьрта т1ехь гуш долчух лаьцна.

IV . Сочинении язъян кечам бар.

1. Суьртах лаьцна къамел дар.

-Шеран муьлха хан ю? (Б1аьсте).

-Муха ду де? (Де ду хаза).

-Суьрта т1ехь болчарна ц1ераш тахка.

-Хьанна хиира иза? (Иза хиира Юсупна, Мохьмадна).

-Цаьршинна хун лиира? (Цаьршинна лира Дудина г1о дан).

-Х1ун еара Юсупа? (Юсупа бел еара).

-Х1ун дира цо? (Цо оьрнаш дехира).

-Х1ун еара Моьхьмада? (Мохьмада хитухург еара).

-Х1ун дира цо? (Цо синтарш оьрнаш чу а дохкуш, царна хи туьйхира).

-Х1унда дихкира цу шимма синтарш д1а? (Шина к1анта синтарш д1адихкира, уьш кег ца далийта).

-Мила кхечира цаьршинна т1е? (Цаьршинна т1е кхечира воккха стаг).

-Стенна оьшу синтарш? (Синтарш даккхий хир ду. Цара 1индаг1 латтор ду. Даккхийчу дитташа стоьмаш ло. Уьш ч1ог1а пайде бу).

-Пайде я зуламе г1уллакх ду шина к1анта динарг? (Шина к1анта динарг пайде г1уллакх ду).

-Муха хетар ву ши к1ант нахана?(Наха и ши к1ант дика ву бохуш вуьйцур ву).

2. Сочиненин х1оттам билгалбаккхар.

-Муьлха текст хир ю иза? (Текст-дийцар).

-Муьлха йолор ю вай сочинени? (1аламах лаьцна дуьйцуш).

-Х1ун ц1е туьллур ю вай цунна?

-Муьлханиг хир ду коьрта дакъа? (Шина к1анта деш долчу дикачу г1уллакхах лаьцна. Дитташ бечу пайданах лаьцна).

-Х1ун ц1е туьллур ю аша цунна?

-Муха ерзор ю аша сочинени? (Шина к1анта динчух лаьцна тхайна хетарг яздийр ду).

Долор. 1. Б1аьстенан де.

3. Диттах болу пайда.

Дерзор. 4. Дика г1уллакх нахана диц ца ло.

-Маса дакъа хир ду вайн текстан?Муха билгалдоккху х1ора дакъа?.

V . Сада1аран миноташ.

(Дешархоша оцу темина шайна лаахь, шайна хетачу кепара язъян мега сочинени).

(Дешархоша д1айоьшу шайн сочиненеш. Шаьш мах хадабо церан).

-Х1ун керланиг 1еми шуна тахана?

1. Упражнени № 386, аг1о 187.

placeholder

placeholder

placeholder

0a14 0007ab33 54690c45

01db 0006436a ad3d011a

a loader

Номер материала: ДБ-1162431

Не нашли то что искали?

Вам будут интересны эти курсы:

Оставьте свой комментарий

Подарочные сертификаты

Ответственность за разрешение любых спорных моментов, касающихся самих материалов и их содержания, берут на себя пользователи, разместившие материал на сайте. Однако администрация сайта готова оказать всяческую поддержку в решении любых вопросов, связанных с работой и содержанием сайта. Если Вы заметили, что на данном сайте незаконно используются материалы, сообщите об этом администрации сайта через форму обратной связи.

Все материалы, размещенные на сайте, созданы авторами сайта либо размещены пользователями сайта и представлены на сайте исключительно для ознакомления. Авторские права на материалы принадлежат их законным авторам. Частичное или полное копирование материалов сайта без письменного разрешения администрации сайта запрещено! Мнение администрации может не совпадать с точкой зрения авторов.

Источник

Конспект урока чеченского языка 3 класс

Нохчийн мотт 04.02.2021ш

1алашо: суьрта т1ехь гушдерг йозанца билгалдан 1амор; суьрта т1ехь гушдолчух лаьцна шена хетарг ала 1амор; суртдиллархочо дагалаьцначух кхета 1амор;суьртах лаьцна дийца 1амор.1аламе безам кхоллар

-Бераш вай тахана язйийр ю сочинении «1а»

3. Суьртах лаьцна къамел дар.

(Хьехархочо гойту сутр «1а»)

-Шеран муьлха зама ю суьрта т1ехь гойтуш ерг? (1а)

-Муха эр дара 1аьнах лаьцна? (Т1едеана шийла 1а)

-Муха ду денош, буьйсанаш? ( Денош дацъелла, буьйсанаш яхъелла)

-Муха ду арахь?( Арахь диллина ло оду)

-Х1ун эга стигла охьа? (Стиглара охьаэга лайн чимаш)

-Бераш кхоьруш дуй шелонах? (Амма бераш ца кхоьру шелонах)

— Х1ун до цара?(Арахь ловзу бераш).

-Ц1ераш тахка царна.

-Х1ун до Ризвана? (Ризвана салаз хохку)

-Х1ун до Ибрашкас? (Ибрашкас лыжеш хохку)

-Х1ун до Пет1мада, Адамас?( Пет1мата, Адамас а конькеш хохку.)

-Муха хетта берашна 1ай? (Берашна 1ай ч1ог1а хазахета)

-Муха ду могашаллина берийн ловзарш? (Берийн ловзарш ч1ог1а пайде ду могашаллина)

-Х1унда? (Х1аваэхь левзича иммунитет ч1аг1ло, цамгарш ца лехьайо)

-Шуна муха хетта 1ай?

4. Сада1аран миноташ.

а)Сочиненин х1оттам таллар

-Маса декъах хир ю сочинении? (Кхаа)

-Маса декъах хир ю сочинении? Муха яздан деза х1ора дакъа?

5. Керла тема кхин д1а а хьехар.

(Бераша язйо сочинении)

7. Ц1ахь бан болх балар

placeholder

placeholder

placeholder

0a14 0007ab33 54690c45

01db 0006436a ad3d011a

a loader

Не нашли то что искали?

Вам будут интересны эти курсы:

Оставьте свой комментарий

Подарочные сертификаты

Ответственность за разрешение любых спорных моментов, касающихся самих материалов и их содержания, берут на себя пользователи, разместившие материал на сайте. Однако администрация сайта готова оказать всяческую поддержку в решении любых вопросов, связанных с работой и содержанием сайта. Если Вы заметили, что на данном сайте незаконно используются материалы, сообщите об этом администрации сайта через форму обратной связи.

Все материалы, размещенные на сайте, созданы авторами сайта либо размещены пользователями сайта и представлены на сайте исключительно для ознакомления. Авторские права на материалы принадлежат их законным авторам. Частичное или полное копирование материалов сайта без письменного разрешения администрации сайта запрещено! Мнение администрации может не совпадать с точкой зрения авторов.

Источник

Сочинение по чеченскому языку «Родной язык-моя гордость»

Мотт адамийн дахаран хазна ю. Иза адамаш массо а аг1ор вовшех кхетош болу Дала вайна белла тамашийна г1ирс бу.

Дуккха а ду дуьненахь меттанаш, ткъа царна юкъахь шен меттиг д1алоцуш, къаьсташ вайн нохчийн мотт бу.

Вайн мотт г1иллакхе а, оьзда а бу, мерза а бу. Иза къоман са, адамаллин куьзга а ду. Мотт вай лар ца бахь, цуьнан сий ца дахь, вайн къоман сий а дужур ду. Цундела вайна беза, вай 1амабо вешан нохчийн мотт.

Мотт д1абаьлча халкъан тезет, ловзар-синкъерам, дика-вон д1адолу. Уьш д1адевллачу халкъах халкъ ала йиш яц. Вайн халкъах, вайна кхане а йолуш, халкъ хила лаахь, уггар хьалха нохчийн мотт, олуш махиллара, баьрчче баккха беза вай. Шен мотт ца безачунна шен къам а, мохк а безар бац.

Цуруев Ш. «Нохчийн мотт эцна бац базарахь» ц1е йолу стихотворенехь боху:.

Акха яр санна и ца баьлла бацалахь,

Боьжна бац стиглара, эцна бац базарахь.

Цхьаьнггера юхалург баьккхина бацара,

Кхоьллина хилла и вайн дайшна азаллехь.

Ас лору дуьненахь мел долу меттанаш,

Нохчийн мотт даима сан оьзда дозалла

1ожаллин цамгаро д1алаьцна меттахь 1аш

Цу маттахь дийр ду ас весет а доьзале…

Муха хир ву дуьненахь уггаре а сийлахьчу Ненан мотт цабезарг и бийца цалуург, и къен хетарг.

Мел халахеташ делахь а, ишттанаш а нисло вайна юкъахь. Цхьаццаволчо дозаллица къамел до, шена ненан маттахь еша а, яздан а ца хаьа, бохуш.

Ткъа дуьненахь а воккхачу оьрсийн яздархочо Л.Н.Толстойс аьлла хилла:

«Нохчийн мотт уггаре а хазачу а, хьалдолчу а меттанех цхьаъ бу, нагахь кхоччуш дика иза хууш хьо велахь».

Ненан мотт…Доккха маь1на лоцу оцу шина дашо шайна чу.

Вай дайшкара схьадеъна вай хаза г1иллакхаш, оьздангалла, ийман.

Ткъа и шадерриг д1акхехьа оьшург бу ненан мотт. Ненан мотт ларбеш ца хилча, цуьнан сий деш ца хилча, къам д1адолу.

Тахана вай ойла ца йо вай дечу къамелан, олучу дешан. Ларамза вайн багара дуьйла маьттаза дешнаш, дашца чов йо вай ваьшна уллорчунна.

Поэзехь а тидам боцуш ца дисна и санна долу дош.

1. Ахь тхуна оьг1азлой, харцдерггий деъча,

Мел сийсаз бу-кх хьо, адаман мотт!

Ахь тхуна деган и к1езгалла еъча,

Адамашна, лаьттана ца безаш бу хьо,

Наь1алте хуьлда хьо, сийсаза мотт!

2. Ахь тхуна дикалла, нийсо а еъча,

Мел хьоле бу-кха хьо, адаман мотт!

Вайн дегнийн ц1оналла ахь тхуна елча,

Казбекан баххьаш а ахь лалор дара,

Дуьненан хазахетар, адаман мотт!( Яндиев Дж. «Адаман мотт»)

Вай олу Даймохк-Нана.

Нана санна, Даймохк беза вайна, цунах девлча тоха са а доцуш. Иштта шен нене, Даймахке санна, хила беза ненан матте болу безам а.

Оьрсийн яздархочо Паустовскийс 1аламат хьекъале а, нийса а аьлла ненан маттах лаьцна ша яздина башха дешнаш:

«…Шен махке болу бакъ безам, шен матте бацахь, маь1на долуш бац!» С айн сочинении ерзош суна дало луур дара вайн сийлахьчу яздархочо, поэта Мамакаев Мохьмада ненан маттахь аьлла дешнаш:

«Шен ненан мотт халкъо,

Сий ойбуш 1алашбахь,

Цу халкъан парг1ато

Цхьаммо а хьошур яц!»

— Везачу Дала ницкъ, хьекъал лойла вайна нийсачу новкъа, шуьйра г1улчаш йохуш, Нохчийн меттан сий-ларам ойбуш, д1адаха.

placeholder

placeholder

placeholder

0a14 0007ab33 54690c45

01db 0006436a ad3d011a

a loader

Номер материала: ДБ-704124

Не нашли то что искали?

Вам будут интересны эти курсы:

Оставьте свой комментарий

Подарочные сертификаты

Ответственность за разрешение любых спорных моментов, касающихся самих материалов и их содержания, берут на себя пользователи, разместившие материал на сайте. Однако администрация сайта готова оказать всяческую поддержку в решении любых вопросов, связанных с работой и содержанием сайта. Если Вы заметили, что на данном сайте незаконно используются материалы, сообщите об этом администрации сайта через форму обратной связи.

Все материалы, размещенные на сайте, созданы авторами сайта либо размещены пользователями сайта и представлены на сайте исключительно для ознакомления. Авторские права на материалы принадлежат их законным авторам. Частичное или полное копирование материалов сайта без письменного разрешения администрации сайта запрещено! Мнение администрации может не совпадать с точкой зрения авторов.

Источник

Урокан ц1е: Суьрта т1ехь сочиненина кечам бар. Сочинени.

1алашо: Дешархойн хаарш таллар, къамел кхиор. Предложенеш нийса х1итто 1амор. Дешархошна «1а» ц1е йолу сурт довзийтар. Суьрте хьожуш сочинени язъян 1амор.1аламе безам кхиор.

Урок д1аяхьар.

  1. Урокана кечам бар.

Мотиваци

Стенга  кхачий вай  х1окху суьрто а, эшаро а? Х1ун ойланаш кхоллаели шун?

Тахана вай Шишкина диллина «1а» ц1е йолчу суьрте а хьовсуш сочинени язйийр ю. Х1инца ас шуна йовзуьйтур ю урокан план .

  1. Урокан план :

Художник вовзийтар

Исбаьхьаллин сурт гайттар

Суьртан анализ яр

Сочиненина кечам бар

Словарни болх бар

Сочиненин план т1ех болх бар

Рефлекси

  1.  Вай вуьйцуш волу художник говза,пох1ма долуш сурдиллархо хилла. Художник-пейзажист хилла иза. Ч1ог1а дезаш хилла цунна 1алам, къаьсттина дукхаезаш хилла хьун, цундела цуьнан кхоллараллехь хьаннийн суьрташ алсамо ду.

Ас шуна гойтур ду цо дехкина бес-бесара суьрташ. Баганан хьуьнхахь 1уьйре (Утро в сосновом лесу), 1аьржа к1а (рожь), 1а.

-Цхьа а суртдиллархо вевзий шуна?

4.  Нохчийн г1арваьлла суртдиллархочух лаьцна дуьцур ду ас ?

 Петр Захаров

   1819-чу шарахь Кавказан т1амехь оьрсийн салтишна карийра елла                                                  1уьллуш зуда, цунна юххехь   дара кхо шо кхаьчна бер, и дара оьрсаша йохийначу Дади-юртахь. А.П. Ермоловс приказ делира эскарехь лоьралла деш болчаьрга, х1уъа а дай и бер даларх к1елхьара даккха аьлла, лоьраша вехар вац боххушехь, к1ант дийна виссира. Захар Недоносов ц1е йолчу казаке 1амо д1авелира иза, Недоносов волчохь 1823 шо кхаччалц 1ийра х1ара.

Шена доладинчу казакан фамили а, ден ц1е а елира цунна. Т1аьхьо шен фамили т1ехьа «Чеченец» аьлла дош туьйхира цо. Шен суьрташна бухахь куьг яздора цо «Захаров из Чеченцев», я «Захаров-Чеченец» олий.

Цул т1аьхьа П. Н. Ермоловс ша волчу д1авуьгу жима стаг. Хьалхе дуьйна гучуелира к1ентан сурт дилларан корматалла. Ша отставке а вахана Москва шеен доьзалца Москвахь ваха д1анисвелча шен т1елаьцна к1ант адаман суртдиллархо Лев Волков волчу 1амо д1авелира Ермоловс.

1833-чу шарахь Петр Захаров Петербургера сурт дилларан академе д1аийцира.

1836-чу шарахь академи чекх а яьккхина, аттестат схьаийцира къоначу суртдиллархочо. М. Ю. Лермонтовца доттаг1алла лелош а вара иза.

Амма 1842-чу шарахь Захаровн цамгар ч1аг1лой, балхара д1авала деза цуьнан. Суртадиллархо Москва юхавог1у, цигахь цунан гергарло тасало лоьран Постников доьзалца. 14-чу январехь 1846-чу шарахь цо Постникован йо1 ялайо. Цигахь лераме хьаша Ермолов а хуьлу. Ялийна масийтта бутт балале Пьера х1усамнана чахотка а кхетий д1акхелха. Оцу шерашкахь Пьер Захаров Паччахьан суртдиллиран академин академик х1утту.

1876-чу шеран аьхке чекхйолучу хенахь чахоткех ле ша суртдиллархо а.

  1. Дешнех кхетам балар.

Пейзаж— 1алам, (Фран. дош ду- мохк ) –1алам гайтаран исбаьхьаллин жанр ю.
Пейзажист— 1аламан суртдиллархо ву.

Портрет— адаман сурт.

Портретист — адаман суртдиллархо ву.

Натюрмотр— чохь са доцучу х1уманийн сурт
Зоьзан тайпанаш 

Ель – база

Сосна – зез, бага.

Кедр-кедр

Пихта-пихта

  1. Суьрта т1ехь болх. 

— Х1ун го шуна суьрта т1ехь?

Суьрта т1ехь художника гайтинарг 1аьнан заманан хьун ю. Массо а меттехь диллина доккха ло ду. Иза вайна го дитташ т1ехь а, коьллаш т1ехь а, лаьттахь а.

— Нийса ду. Делахь а, леррина оцу суьрте шу хьовсахь, аша тидам бахь, хийла хьалха б1аьргана ца гуш, т1ехтилларг гур ду шуна цу т1ехь. Ткъа х1инца леррина суьрте а хьовсуш, барта х1отточу дийцаран кечам бийр бу вай.

Хенан х1оттам

Шаьш Шишкинан хьуьнхахь долчуха сурт х1оттадел шайна хьалха. Муха бу хенан х1оттам? 1аьнан хенан муха де ду художника гайтинарг?

Исбаьхьа де ду. Шийла елахь а, къеггина кхтта малх а болуш, 1аьнан хенан 1аламат хаза де ду.

Ткъа 1ай малх кхетта де муха хуьлу?

— Цхьа шатайпа, башха хуьлу. Маьлха з1аьнарша башха йовхо ца ло, амма цара вох ца вахь а, гонаха мел дерг къагийна, серладаьккхина.

— Х1аваах лаьцна х1ун ала мегар дара?

— Х1аваъ, чекх сагуш, ц1ена ду. Ца 1ебаш, кийра буззалц чуийза дог дог1у иза. Дег1 дайло, пиллиг санна. Дог ийало. Беркате а дег1ана аьхна а ду иза.

 Диттех.

Баганан хьун ю суьрта т1ехь гайтинарг 1аьнан заманчохь.

-Муха ду суьрта т1ехь вайна гуш долу дитташ?

Уьш лекха а, ирхдахана а дитташ ду.

— 1аламат даккхий, сийначу стигала кхийда дитташ.

— Наьрташ санна, ирхдахана дитташ.

Оцу лекхачу дитташ юккъехь схьагуш ерг х1ун ю?

-Кегийра, къона баганийн дитташ, коьллаш. Уьш ду лайх дуьзна.

Диттийн гаьннаш т1ехь долчу лайх лаьцна х1ун эр дара аш?

Гаьннаш т1ехь долу ло муха ду?

Г1аьннаш т1ехь ло ду, к1айн бамба санна. Цхьайолчу меттигашкахь охьаолладелла гуш ду иза. Ло дукха долуш, диттийн гаьннаш дазделла, охьаохкаделла го.

Тидамбел д1анехьо гуш йолчу жимачу юьхкан. Дийцал цунах лаций.

Цу т1ехь а ду ло. Геннара хьаьжча, коьртахь к1айн куй а болуш, лаьтташ волчу жимачу стагах тера хета иза.

-Доцца аьлча ерриге а хьун ю 1аьнан духарехь. Массо меттехь ло 1уьллу.

Ткъа и ло хаздинарг х1ун ю?

-Малх. И бу х1окху хьуна юккъехь кхерсташ берг, дерриге шен дола а дерзийна.   

1аьнан духарехь лаьтта дитташ маьлхан з1аьнарша къагийна.

Ткъа лахахь, лаьттахь х1ун ю гуш?

— Кхузахь  а ду ло. Лайна дерриге а шен к1айн шаршу яржош, д1ахьулдина.

Лаьттахь 1уьллу ло а х1унда ду бос лепаш, хаза?

Иза малхехь бос хуьйцуш, къегаш ду.

  1. План х1оттор:
  1. Исбаьхьа де.
  2. Дитташ а, коьллаш а, 1аьнан духарехь.
  3. Бос лепа ховха ло.
  4. 1аьнан хьуьнан йийцалур йоцу хазалла.
  1. Г1оьнна дешнаш

Бамба санна ховха ло

Т1емаш даржийна кхозу генаш

Буьрса хьун

Екхна стигал.

Инзаре-хаза хьун

Дашо малх

  1.  Жам1 дар.

Аша жигара дакъа а лоцуш, вай суьртан чулацам телли.

-Муьлха къамел кхии вай тахана урокехь?

-Тахана шу дара ешархой, ладог1архой, авторш.

-Царах муьлха роль хазахийти шуна?

-1аьнан 1аламан хазалла ган хьан г1о ди шуна?

  1.  Ц1ахь бан болх балар. Сочинени язъе. Бакъонаш карлаяха.

Просмотр содержимого документа

«Суьрта т1ехь сочинени йазйан 1амор»

НОХЧИЙН Г1ИЛЛАКХ-ОЬЗДАНГАЛЛА

XIapa «Нохчийн гIиллакх-оьздангалла» боху жайна яздина ду вайнахана шайн къоман гIиллакхаш кIopгepa довзийтаран а, царах диканaш дахарехь лело, вонаш дIатаса аьтто хилийтаран Iалашонца. Ийманца догIучу гIиллакхaшца цхьаьна, вай кхузахь хьахорду цуьнца цадогIурш а — церан нийса цахилар билгалдаккха а, уьш дIатаса вайна атта хилийта а.

XIapa жайна лаьтта дIадолорах а, бархI декъах а, дерзорах а. Кху тIехь къестош ду xIapa тайпа хеттарш:

— Оьздангалла а, дахарехь цо лело маь1на а;

— Нохчийн къоман оьздангaллин коьрта мeхaллaш;

— Адам а, цуьнан гIиллакхаш а;

— Доьзал а, бераш кхетош-кхиор а;

— Нохчийн оьздангаллехь Iаламца а, къинхьегамца а йолу юкъаметтигаш;

— Ислам а, нохчийн гIиллакх-оьздангалла а;

— Зама а, оьздангаллехь болу къоман кхетам хийцабалар а (ши дакъа).

I дакъа

ОЬЗДАНГАЛЛА А,

ДАХАРЕХЬ ЦО ЛЕЛО МАЬ1НА А

Къамел дIадолош, уггар хьалха билгалдаккха догIу «оьздангалла», «гIиллакх» бохучу дешнийн маьIна. Хетарехь, «оьздангалла» бохучу дешан мaьIнa шуьйра ду «гIиллакх» бохучу дешанчул. ГIиллакх — иза адамаша, вовшашца лелочу юкъаметтигийн, гергарлонийн кепаш, куьцаш, дозанаш ду. Ткъа уьш «оьздангалла» бохучу кхетаман чулацаман цхьа дакъа ду. Цул сов, оьздангалла Далла ечу Iамалца, гонахарчу Iаламца, шен дегIаца, дагца, ойланца стаг цIена хилар а ду. Оьздангалла дуьххьал дIа xIopa стеган леларехь, амалшкахь гучуяьлла ца laш, цуьнан сица, синкхетамца хила езаш а ю.

Оьздангалла — иза кхечу садолчу хIумнийн хила йиш йоцyш, синкхетамечу адамийн вовшашца а, гонахарчу Iаламца а йолчу юкъаметтигашкахь хила догIу дозанаш, барамаш, кепаш а ю.

Муха кхоллаелла оьздангалла? Оцу хаттарна тайп-тайпана жоьпаш ло тайп-тайпанчу Iилманчаша, шайн кхетаме а, шаьш беха юкъаралла кхиъна хиларе а хьаьжжина. Иттех шо хьалха йоьхначу советски империн Iилманчаша, къоман гIиллакхaш дуьйцуш, шайн къамел гуттар а дIадоладора: «Халкъо БIешерaшкахь кхоьллина шен оьзда гIиллакхaш…», — олий. Кхечу кепара цара ала таро а яцара, xIyндa аьлча, церан дуьнене болу хьежамаш кхоллабеллера, xIapa дуьне а, Iалам а, адам а ша-шах кхолладелла я адамо кхоьллина, бохучу харц философин (материализман) буха тIехь.

3амано а, xIopa дийнахь хуьлучу Iилманан кхиамаша а тIулга тIехь тIулг а ца битина цара харцонах, моттаргIанех йоьттинчу гIалех. Иштта ца хила йиш а яцара, хIунда аьлча, церан оьздангаллех болу Iилманан бух, заманан йохаллехь къахьегар бахьанехь маймалех кхолладелла адам, бохучу туьйранех лаьтташ бара.

Цундела оьздангалла а ша-шах, заманан йохаллехь, адамаша шаьш кхоьллина ю бохуш, чIагIдора цара, ткъа «дино» оцу халкъан «кхоллараллех» пайдаэцна, нах Iexopaн, уьш боданехь латторан Iалашонца. Иза бакъдерг нийсса бIостанехьа дерзоран къеггина долу масал ду.

Ткъа бакъдерг иштта ду. Дуъненан къаъмнийн ерриге а оъздангалла, церан дика гIиллакхаш Дала шен пайхамаршкахула лаътта диссийна ду, шен Динца цхъаъна. Ткъа и дин цхъаъ бен а дац — бусалба дин, ислам.

Уггар хьалха и дин Дала Адам-пайхамаре — Делера Салам-Маршалла Хуьлда Цунна — делла. Дин – иза лаътта тIexь адамашна муха даха деза Iамош, Дала лаътта диссийна дахаран-Iepaн дозанаш, ламасташ ду. Хан-хене яларца уьш диц а дой, адамаш Iесалле оьгуш хилла, шайгара керл-керла Ieca гIиллакхаш а кхуллуш. TIaккxa Шен дин юха а адамашна карладаккха, дIакхайкхо, Iaмo Дала Шен Элча воуьйтуш хилла дуьненчу. Царах тIаьххьарниг — Мухьаммад-пайхамар — Делера Салам-Маршалла Хуьлда цунна – элчанийн мyxIap.

Гуш ма-хиллара, лаьтта тIехь мел долу адам цхьа да-нана долуш ду, дуьненчохь ала доссиинарг цхьа дин (ислам) бен дац; цундела гуш ду лаьтта тIepa адамаш, мел тайп-тайпана хетахь а, цхьана стагах схьадевлла а, цхьана дуьненахь дехаш а, царна тIe доьссинарг цхьа дин а хилар. Иза кхин а цхьа билгало ю Дела цхьаъ хиларан.

Массо халкъийн оьзда, дика гIиллакхаш Делан динера ду; ткъа вуон, къиза, Ieca гIиллакхаш халкъаша шаьш кхоьллина ду. Цундела оцу я кхечу халкъан оьзда гIиллакхаш дуьйцуш, нийса хир ду «халкъо кхоьллина» бохучу дешнийн метта «халкъо лардина» аьлча. Цхьадолчу халкъан аьтто хилла оцу динан гIиллакхаш алсам Iалашдан, вукхара кIезиг Iалашдина. Цхьадолчу къаьмнаша шайгара кIезиг кхоьллина Ieca гIиллакхаш. Масала, нохчаша. Цундела карладаьккхина долу и бусалба дин шайн лаамца тIеэццал хьекъал кхаьчна вайн дайн. Кхидолу къаьмнаш генадевлла Iесаллехь я галдаьккхинчу динехь. Цундела цара дIатеттина Дала юха а лаьтта доссийна цIена дин.

Кхузахь хаттар xIoттa тарло: йиш яц ткъа адамаша шайггара дика гIиллакх кхолла? Наха кхоьллина массо а гIиллакх Ieca я харц хуьлуш ду? Дац. Нийса гIиллакхаш а ду адамаша шайггара кхоьллина, амма церан бух а бакъдинан хьехамашкахь бу. Делах а, Кхиэл ечу дийнах а тешарца кхоьллина муьлхха а керла гIиллакх нийса ца хила йиш яц.

И лакхахь дийцинарг дерриге а тидаме эцча, кхеташ ду: «ГIиллакх ялсаманера схьадеъна», — боху дешнаш. Адамашна юккъехь лела оьзда гIиллакхаш Делера диссина бохург ду иза. Цхьаболчара и кица кхидIа а дахдо: «ГIиллакх ялсаманера схьадеъна а ду, ялсамане духадерза дезаш а ду, ша лелочу нахаца цхьаьна». Оцу дешнаша гойту: мел доккха маьIнa гуш хилла нохчашна гIиллакх-оьздангаллехь.

Делан Элчас — Делера Салам-Маршалла Хуьлда Цунна — аьлла: «ГIиллакх — динан ах ду». Ткъа цхьана назманчас хьекъална а, гIиллакхна а юкъара зIe иштта йийцина:

lаж lожана буха божар хууш ду,

Ткъа хир барий Iаж, ца хилча Iожан дитт?

Гlиллакх дитт ду, ткъа хьекъал — цу диттан стом,

ГIиллакх доцчохь Iилма хила тарлуш дуй?..

Кхузахь «гlиллакхах» дозуш хlоттийна «хьекъал». Иза нийса а ду, нагахь дуьйцург адамашна пайде долу хьекъал делахь.

Амма кхечу кепара «хьекъал» хила а тарло адамехь — гlиллакх доцу хьекъал, оьзда доцу хьекъал, зуламе хьекъал. И тайпа хьекъал долчу стеган мах хадош, нохчаша олу: «Iилма-м шайтlанехь а ду». Цундела вайн къоман философехь хьекъалал а, говзаллел а, Iилманал а лакха хlоттош хилла оьздангалла.

Билгалдаккха деза и тайпа хьал массо а къаьмнийн хьежамашкахь цахилар. Стаг шен говзаллехь ларош, шен гIуллакха тlехь кхиамаш бохуш хилчхьана, цуьнан оьздангаллин сурт-сибат мухха хилча а, сий деш а, лоруш а хуьлу, масала, цхьадолчу Европерчу къаьмнийн. Нагахь стаг дика поэт велахь, нахана дегнех кхета байташ язъеш, иза харцахьа лелар, цо къаьркъанаш мийлар, и оьзда цахилар кхин чlогlа тидаме а ца оьцу цигахь. Иза хьал ду х1инца Нохчийчохь а. Шен говзаллехь пхьар хилар коьрта ду, кхидlа дерг мехала а дац бохург ду иза, бер харцахьа лелар санна xIумa лоруш.

Ткъа нохчийн къоман философехь иштта дац. Стаг мел говза велахь а, цуьнгара мел доккха хьуьнар даьллехь а, цунна тIехь ду муьлххачу а кхечу стагана тIехь доллу декхарш, оьздангаллин бехкамаш. Халкъалахь цlе дIаяханчу стага кхечарачул а чIогlа ларбан безаш хилла уьш, хlунда аьлча, адам цуьнга хьаьжна ду, цуьнгара масал эца я цхьа осалниг далахь кхарда кийчча.

Гlиллакхашка хьаьжжина, стеган мах xaдoрexь «къиза» а, дуьххьал дlа а хилла вайнах. И деш, цара тидаме оьцуш ца хилла цуьнан хьалхалера дика гIуллакхaш, цуьнан цlе, говзалла. И дерриге а дайдеш, дагош хилла цхьана осалчу xlyмaнo. Махкахь а дIаяхна цIе, махкана а гуш, южуш хилла. Иза боккха бохам а, юьхьIаьржо а хилла, оцу стагана шена хилла ца Iaш, цуьнан гергарчарна а, тайпанна а, юьртана а, цуьнан ворхl тIaьxьeннa а.

И хууш, стаг Iаламат чIогIа ларлуш хилла шегара цхьа ледарло яларх. Оьздангаллин бехкамаша, гIодаюкъ къовлуш дихкинчу доьхкано санна, стаг ryттap чIагIвина латтош хиллa, дикачу гIуллaкxaшнa, нийсонна орцахвала кийчча. Цундела цхьаволчу къонахчо шен гIодаюкъ буьйсанна вуьжуш а йостyш ца Хилла, гуттар а оьшyчу дIахахка кийчча дин а латтош хилла. ХIинца а Iаламат дукха бу и гIодаюкъ яста йиш а йоцуш я чомехь вижар-г1аттар доцуш лела кIенти, Дала Аьтто Бойла Церан!

Ша воьжча, шен цIe йоьжча, дегlана там лехна цхьа ледарло ша ялийтича, шех къинхетам бан, ша хьалаая цхьа а воцийла хааро латтош хилла стаг гуттар а сема, амма хIинца к1еззиг бисна цу х1умана само еш берш.

И нохчийи гIиллакх дика девзаш ву «Эвтархойн Ахьмадах долчу илли» тIехь вуьйцу гIалагIазкхи. Цу иллин боцца чулацам иштта бу.

Эвтархойн Ахьмад воьду аренца лела. Цхьанхьа, паначу махкахь, шен динна баргол а тоьхна, и бажа лаьллина, «чергазийи юткъа нуьйр гIевлинга йиллина, чергазийи ва чоа даржош тle ва тесна, чал дера герзaш, нанас бер ва санна, шен мара къуьйлуш», набарна вуьжу Эвтархойн Ахьмад. Иштта лела араваьлла цхьагlалагIазкхи кхочу цига. Шен дин иштта бажа лоллий, Эвтархойн Ахьмадана юххе, цунна тIepa ах верта шена тle а озадой, набарна тевжа гlалагlазкхи а. Вуон гIан-набарш гина, самаваьллачу Ахьмадна шена юххехь вижина Iуьллуш гlалагlазкхи а го, шен дин чехош лелaш цуьнан гила а го. И ца лалой, Эвтархойн Ахьмада олу:

Дакъаза ма вала, хIай гIалагIазкхи!

Ахь суна ца бина тешнабехк,

Ас бийр бац хьуна!

Хъан дино кхерий-кха сан жима расха дин!

Со кхерор варий-те дин болчу динан дас?

ХIинца лата веза вайша кху бутон раьгIнaшкахь!..

Латарна кечам бина ваьллачул тIaьxьa, гIалагIазкхичо Эвтархойн Ахьмаде олу:

Дакъаза ма вала, Эвтархойн Ахьмад!

Ахь сема ладогIа, собаре хилий:

«Нагахь хьан хьалха каяьлла, ахьа со вийча,

Цхьа гIалагIазкхи вийна Эвтархойн Ахьмада», —

Аьлла, дIадоьрзур ду, тамаша бийр бац хьох;

Нагахь сан каяьлла, сан карах хьо велча,

Махкахь цIе йоккхуш дика кIaнт хьо хилча,

«Цхьана гIалагIазкхичо вийна Эвтархойн Ахьмад», —

Аьлла, цIе южур ю хьан, Эвтархойн Ахьмад…

Къонахчун валар а, вахар санна, цхьана дикчу, оьздачу, лекхачу Iалашонна хила дезар билгалдолу оцу иллехь. Хьо мел оьзда ваьхнехь а, хьан валар декъаза хилча, доха тарлуш ду дерриге а, йожа тарлуш ю мел йоккха цIе а. Цундела стага и цIе Iожалло ша лаццалц ларъян езаш а ю, тIaккxa цуьнан тlаьхьеннa тlедужу изза декхар.

Нохчийн юкъараллехь уггаре а лекха дарж нахалахь дIайоьду и дика цIе хилла. Иштта дика цlе яьккхинчу къонахчунна вуон болх хила лууш а, и цlе цунна йогlуш ца кхаьчна бохуш, тайп-тайпана эладитанаш дуьйцуш нах нислуш а хилла. Цунах лаьцна ду халкъан кица: «Лекхачу ножана хьоькху мох ца эшна». Амма хьаьгIнаш лелочу нехан эладитанаш бахьанехь, шен оьздангаллин декхар тесна дита бакъо яц цхьаьннан а. «Деши, мел хоттала хьекхадахь а, бехлур дац», олуш а ду вайн халкъан кица.

Оьздангалла халкъ шex лаьттачу xIopa стеган шeн-шен хуьлу. Вайн йиш яц цхьа халкъ оьзда ду, важа дац ала. «Халкъан оьздангалла» боху дешнийн цхьаьнакхетар даладахь а, уьш кхето догIy оцу я кхечу «халкъан оьздангаллех болу хьежамаш а, цо тlелаьцна оьздангаллин бехкамаш а» бохучу маь1нехь. Бакъ а долуш, оьздангаллех болу кхетамаш тайп-тайпана нислуш а хуьлу тайп-тайпанчу къаьмнийн. Масала, дустур вай цхьадолу нохчийн а, оьрсийн а гlиллакхаш (оцу къоман гlиллакхаш массарна а бохург санна девза дела даладо вай уьш). Нохчийн доьзалехь гlиллакхехь дац да-нана а, йоI а, к1ант а, нус а, цхьаьна охьа а хевшина, xlумa кхоллуш. И иштта хила деза аьлча а, акха ду вайнахана. Ткъа оьрсаша, иштта охьа а ховший, xlумa а юу, мала а молу, я церан къомана осал xlумa а дац иза. Цхьана aгlop, иза доьзна ду оьрсийн къам кериста динехь хиларца а.

Амма нохчийн гlиллакх-оьздангаллин ша-тайпа билгалонаш гучуйовлу вайна, бусалба динехь долчу кхечу къаьмнийн гIиллакхашка хьаьвсича а. Масала, вайн лулахь бехаш бу гlебартой, балкхарой. Цара салам, (куьг кховдор) боьршачу наха вовшашка делла ца Iаш, зударша вовшашка а, божаршка а ло, иштта божарша а ло зударшка. Ткъа, хууш ма-хиллара, вайн нохчийн боьршачу наха вовшашка бен луш а дац салам.

И тайпа гlиллакхийн шатайпаналла муьлххачу къоман оьздангаллехь а карайо. Амма шайн дикчу гlиллакхашкахь дерриш а вовшех тера ду уьш. Кхечу кепара хуьлийла а дац. Хlунда аьлча, массо а дикчу гlиллакхийн бух — Дала шен пайхамаршкахула лаьтта биссийна хьехамаш бу. Амма xlopa а къомо – шен дуьнене хьежаме, шен дахаран хьелашка, ша дехачу мехкан Iаламе хьаьжжина, — оцу хьехамашна тle а доьгIна, шен-шен гlиллакхаш кхоьллина. Цхьадолчукъаьмнаша Делан хьехамашкахь болу и бехкамаш мелла а шайна лело аттачу кепехь тlеэцна, ткъа кхечукъаьмнаша, дегIан паргIато кхин тIe а йоьхкуш, шайна халонга бохуш тIеэцна уьш. Масала, бусалба дино боху адамашка шайн дегIана хьулам бе духарца. Боьршачу стеган хьулам бан беза меттиг (Ioвpaт) — иза цIонгера гоьле кхаччалц йолу меттиг ю. Иза къайлаяьккхичхьана, ламаз дан а магадо. Амма цхьа а нохчо xIуттур вац ишттачу духарца Iамал ян, я ишттачу духарца адамашна юккъе а вер вац, я шен доьзалехь а лелар вац (бакъду, хIинца-м нисвала а тарло цу тайпана шен доьзалехь паргIат леларг а, амма вай дуьйцург нохчийн Iaдaтexь хила дезарг ду.

Цуьнца доьзна цхьа масал далор вай.

Халкъан яздархочо Айдамиров Абузара дуьйцура, цкъа гIала ваханчуьра, гучувала ша аьлла, Мамакаев Мохьмад волчу ваханера ша бохуш. Шеца исс-итт шо кхаьчна шен йоI а яра. НеI елла веъна Мохьмад, аьхка xIycaмexь тIex йовха йолу дела, шена аттачу духарехь вара. Амма оцу йоIах бIаьрг кхетча, ша цунна ца гойтуш, кхин могаш-паргIат хаттар доцуш, дехьа чу а вахна, шен духар хийцинера цо; ша боккъал а чIогIа цхьана боккхачу гуламе воьдуш санна, кечвелла схьавеънера. Цецваьллачу шега Мамакаев Мохьмада эли, бохура Абузара, мел жима елахь а, йоI бехке ма ю, гIиллакх хила ма деза цуьнца аьлла.

Массо къаьмнийн а ду воккха стаг ларар. Амма массеран а дац, воккхачу стеган некъ ца хадош, сацавалар. «Некъ цахадор» боху кхетам а бу ша-тайпана. Генара схьавогlучу стагана хьалхахула тlехваларх, некъ «хедаш» я цунна новкъарло хуьлуш xlyмa дац иза. Xleттe а оцу воккхачу стаге болу лерам, цуьнан а, цуьнан шерийн а сий дар ду иза. Хаза гIиллакх а ду.

Ша-тайпана лерам беш хилла воккхачу стеган йоlстага а, къоначу зудчо а. Нагахь хи тIepa йогlу йоl воккхачу стагана дуьхьал кхетахь, шен кlудал охьа а хlоттайой, бyкъ а берзабой, дlaxlyттyш хилла иза, и стаг тIехваллалц. Нагахь шен жима бер карахь а долуш йогlуш зуда хилча, и бер некъа йисте охьадуьллий, юьстах а йолий, дlaxIуттуш хилла, воккхачу стагах бехк лоций (амма тIаьхьарчу хенахь и гIиллакхаш чIога ширделла, хIинца нана стенна йуьйцу, да а хуьлу шен бер мара а дуллий паркехула я алсам адам долчахь волалуш, цхьаннех а къийла а ца луш, иэхь-беркат а дайна). «Амма вай дуьцург вайн нохчийн 1адатехь хила дезарг, вайн дайша лелинарг ду. Х1инца вайна юкъара ц1ахь 1аш болчарна хууш хир ду, и вайн дайша лелийна г1иллакхаш аьттехь а юха дог1ур доци, иштта х1инца долу хьал нохчийчохь д1а доьдахь цхьа массит шо даьлча вайн къам оьрсийн къомах (дукхох дерг) д1а тара лур ду, тара дела а ду… (ша цхьа Делан къинхетам хьалха а баьлла, х1ума ца хилахь). Х1унда аьлча жими-воккхи а дац, я вовшех ларам бац вай, цу иваннера лаам кхочуш хили, вай барт бохий цара»…

 (т1аьхье хир ю)

  • Чеченские сказки на чеченском языке для детей
  • Чехов юмористические рассказы читать 5 класс
  • Чечен или чеченец как правильно пишется
  • Чеченская война 1994 1996 рассказы солдат
  • Чехов чувствуешь что то особенное сочинение